ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн бIов. Хьанна, стенна оьшуш йу Соьлжа-ГIалара "Ахьмад Тауэр"


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Оьрсийчохь уггар лекхачех цхьаъ, стигла кхаччалц аьлча санна йолу лекха гӀишло йан дагахь бу Нохчийчоь – 435 метр лекха йолу "Ахмат Тауэр" цIе йолу бӀов. Меттигерчу Ӏедалша хьалхатоьттуш йолчу проекто хеттарш кхуллу, дахаран тӀегӀа лахара а, мохкбегон кхерам лакхара а болчу, федералан бюджетах чӀогӀа йозуш йолчу регионехь оццул йаккхий харжаш йар нийса дуй-те бохуш. Тхан сайто теллина, стенна оьшу Нохчийчоьнан Ӏедалшна оццул йеза гIишло.

Гезгамашин-бутт чекхболуш хиира, Оьрсийчоьнан инвестицийн фондо (РФПИ) паритетан буха тIехь ПСБ банкаца (хьалха "Промсвязьбанк" йара и) Соьлжа-ГӀалин йуккъехь дуккха а функциш йолу лекхачу гӀатийн комплекс "Ахмат-Тауэр" йан ши миллиард ах миллиард ахча хьажор дуйла. ТАСС пачхьалкхан агенталло хаам барехь, нохчийн агӀор цу хьокъехь барт бина республикин Ӏедалан вице-премьеро, регионан экономикан а, территориалан а кхиоран министро Шаптукаев Рустама, ткъа иштта ООО МФК "Ахмат Тауэран" коьрта директора Докаев Адама.

"Тхуна хIара рогӀера кхиаран меттиг бу. Бинчу бертаца а догIуш, йукъахь гIишло хьалайийр йолуш йу оха. Хууш ма-хиллара, хӀинцале а чекхбевлла цу проектана тӀехь латта охкуш долу белхаш а, цхьацца бух бан белхаш а, ткъа оха хӀинца проектан финансийн кеп кхуллуш йу", - аьлла Шаптукаевс бертан куьйгаш йаздинчул тIаьхьа.

Кхул а хьалха – зазадокху-баттахь- хаамбира, Нохчийчохь керлачу кепе йалийна "Ахмат Тауэр" проектан презентаци кечйийр йу аьлла. Оцу йукъанна стохка аьхка керла "гIишлошйаран концепци" кечйан федералан бюджетера 26 миллирн сом хьажийра. ВорхI шо хьалха – 2018-чу шарахь- гIишло йина чекхйаккха Iалашо йара; гIишлойар сецира бух кечбинччохь.

Кхузахь коьртаниг – гIишло йац, иза дIайузар ду

Авторшна хетарехь, "Ахмат Тауэр" Оьрсийчохь уггаре а лекхачу гӀишлойх хилла дIахIотта йезаш йу- 435 метр лекха а йолуш, 102 гӀатах лаьтташ стигал-бIов гIишло хир йу цунах боху. Нагахь санна, и гӀишло баккъалла а йина йалахь, Петарбухарчу "Лахта-центрна" тӀаьхьа шолгӀачу меттехь хир йу иза – цуьнан локхалла йу 462 метр, цигахь йу "Газпроман" коьрта офис. Цуьнца цхьаьна, ур-атталла ТАСС агенталло а билгал ма-даккхара, "Ахмат Тауэр" Европехь дуьххьарлера стигал-бIов хир ю мохкбегоран кхерам лакхара болчу зонехь йина. Нохчийчохь мохкбегор кӀезиг хуьлуш дац: масала, 2008-чу шарахь мохк бегийча 13 стаг вийра.

Кхин а цхьа кхерам бу – дронаш. Стохка гIадужу-баттахь дуьйна цара тIелетарш долийра Нохчийчоьнна, мел лахара а пхоьазза. ТIаьххьара хиллачу тIелатаро дохийра Бакура Соьлжа-ГIала догIу "Азербайджанан авиалинийн" кема, - Оьрсийчоьнан ПВО-н ракеташ тоьхна хиллера цунна тIе.

Соьлжа-ГӀалахь стигал-бIовн дуьххьарлерчу проектех цхьаъ кечйинарг ву Оьрсийчоьнан архитектор Зусик Александр. Цуьнан планца а догӀуш, бӀов чохь хир йу офисаш а, нах беха петарш а, фитнес-спа-центраш а, йохка-эцаран центр а, хьешан хIусам а, музей а, ресторанаш а, "Европехь уггаре а лекха тергаман майда а". Конструкцин дакъа, ур-атталла Украинехь тӀом болабалале а, дуьнентӀехь коьртачех йолчу компанино – амеркахочо Торнтон Томасеттиса кечдина ду.

Тахана Оьрсийчоьнна дуьхьал хилла ца Ӏаш, Нохчийчоьнан лаккхарчу хьаькамашна дуьхьал кхайкхийна санкцеш бахьана долуш Амеркера контрактхоша дакъалацахь тамаш бу-кх аьлла хета. Карарчу муьрехь гӀишлошйар дӀахьош йу Москвара "Смарт" компанийн тоба, хьалха амеркахоша кечйинчу проектаца.

"Ахмат Тауэр" архитектура нохчийн йуккъера бӀешерашкара тайпанийн бӀовнашца йоьзна йу: фасад йина ирачу силуэтца, ширачу тӀулгийн говзаллех тарлуш йу. Нохчийчоьнан Ӏедалша дуьххьара и бIов йан дагахь хиларх дӀакхайкхийра 2013-чу шарахь. Билггал и кхочуш йан таро хиларх хаийтира 2015-чу шарахь, ткъа 2016-чу шеран дечкен –баттахь белхаш дIаболийнера. Цул тIаьхьа 2017-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц гIишлошйарх лаьцна кхин хазош хIума дацапа. Ткъа 2021-чу шарахь, оцу проектан куратор хиллачу Пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама хаамбира, экономикехь халонаш Iиттайаларца а, COVID-19 пандеми йаржарна а белхаш совцийна аьлла.

Финансийн хеттарш

"Кху муьрехь хьалхара шина этапана ахча лур долуш ду. Хьалхарниг – проектан документаци жигарайаккхар. ШолгIаниг – бух бина балар, из уггар а инженерашна чолхе дерг дара", - дIахьедира РФПИ-н векало Колокольников Андрейс шина а агIоно "Ахмат Тауэр" хьалайан ши миллиард ах миллиард дала пурба луш хIоттийначу кехатана куьйгаш йаздинчул тIаьхьа.

Йуьхьанца и комплекс хьалайийриг мах 500 миллион доллар бара, цул тӀаьхьа иза миллиарде белира. ХӀинца, "Новая газето" йаздарехь, 2025-чу шарахь цу проекте йерриг а йехкина инвестицеш хила мегаш йу 103,5 миллиард сом – долларийн эквивалентехь аьлча, иза гергарчу хьесапехь 1,3 миллиард хуьлу.

Кадыровн гоно дIаэца тарло оцу гIишлочуьра петарш

2016-чу шарахь, хӀетахь Соьлжа-ГӀалин мэр хиллачу Хучиев Муслима Италерчу Веронехь хиллачу Евразин форумехь тешийра, "Ахмат-Тауэр" йеккъа цхьана долахь йолчу инвестицешца йийр йу аьлла. "Бюджетера цхьа кепек хир йац цу йукъахь", - бохура хьаькамо.

ХӀетахь иза логикаца догӀуш хетара: Нохчийчоьнан бюджет доккхачу декъанна федералан субсидеша кхуллуш йу – цуьнан доккха дакъа Кадыровн доьзална дӀадоьду, дисина ахча дӀало социалан а, федералан а проекташна финансаш латторна, ткъа тӀаьххьарчу кхаа шарахь Украинина дуьхьал тӀом барна а.

Соьлжа-ГӀалахь лекха бIов йан бюджетера ахча оьцур дац баьхнехь а, хIокху хьелашкахь лар йайна цу дешнийн: контракташна куьйгаш йаздина РФПИ-но а, Нохчийчоьнан Iедалхоша а, ПСБ банко а, ООО "Ахмат Тауэро" а. Оцу компанин коьрта директор ву Докаев Адам. Тхан информацица, уллора зӀенаш йолуш ву иза ДелимхановгӀеран а, ГеремеевгӀеран а тайпанца, ткъа цаьргахула – Кадыров Рамзанца а.

Йоллу проектах мел харж йер йу – йа федералан а, йа махкарчу а Iедалхоша хоуьйтуш дац. Нохчийн вице-премьеро Шаптукаев Рустама ма-аллара, финансийн кеп хIинцца вовшахтухуш йу. Шена догIучунна, экономикан, территориалан кхиоран министраллин инвестицийн департаментан директоро Магомадов Iелас билгалдаьккхира, гIишло хIокху йа оцу хенахь йина йала йезаш йу аьлла, хан тоьхна йац, карарчу заманчохь кехаташ ду вовшахдетташ.

Кадыровна стенна оьшу бIов?

Дубайхь болх бечу нохчийн бизнесхочунна (иза реза хилла шен цӀе ца йоккхуш, комментари йала) хетарехь, "Ахмат-Тауэр" проект уггаре а хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун гигантомани къобалйан Iалашо йолуш йеш йу. Оццул йоккха а, йеза а комплекс йарехь а, цул тӀаьхьа цуьнга болх байтарехь а цхьана а кепара экономикан маьIна дац.

"Чу-ара ца баккхалун бахам лелочу дуккха а аналисташа билгалдоккху, иза хӀинцале а кхачо йолуш йу Нохчийчохь, ткъа карарчу хенахь мехийн диапазон цӀена манипуляци йу. ХӀунда аьлча, дахьа меттиг боцуш ахча долчу, коррупцица боьзначу хьаькамаша оцу йукъа ахчанаш дахкарна, иза чIогIа оьшуш йу бохуш, кеп йу хIиттош. ТIаккха а гуш ма ду, республикехь петарш башха оьцуш стаг а вац", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Цо билгалдоккху, регионехь социалан-экономикан структуран лелаш йолчу модело цхьана а кепара гойтуш дац, хIусаман оцу йоккхачу гIишлонах делла ахча цкъа мацца а меттахIуттур хилар. ХӀунда аьлча, Москвана Нохчийчоь субсидех йозуш хилар шен политикан йозуш хиларца цхьатерра ду. Ткъа цу гӀуллакхехь, тхан хьоста тешна ду, тахана шина а коьртачу шахьарахь Ӏедалехь болчеран интересаш йуьззина цхьаьнайогӀуш хиларх.

Формалехь "Ахмат Тауэр" долара бахам санна лоруш бу

Тхан редакцино дийхира талламан журналисте, коррупцица къийсам латточу эксперте Шуманов Ильяга "Ахмат-Тауэр" проектах лаьцна комментари йалар. Цунна хетарехь, гӀишлошъйаран коьрта Ӏалашо йу, кхана-лама шайна дуьсур долу кхин а сов федералан ахчанаш чуозар.

"Мила ву бакъволу долахо [планехь йолчу бIовнан]? Изза цӀе йолу компани йу - "Ахмат-Тауэр". Иза дӀайазйина йу Нохчийчохь, схьахетарехь, цо и проект кхочушъйириг хир йу. И компани, гуш ма-хиллара, йоьзна йу меттигерчу элитан векалшца. Докаев Адам дика вевза Нохчийчохь. Масала, цуьнан долахь йу йохка-эцаран "Грозный-молл" центр а. Хьалхо оцу йохка-эцаран центран долахо вара Геремеев Вахьид, цо гойту проектан депутатца Делимхановца а уллора зӀе хилар И бахьана долуш гучудолу, Кадыровн чоьхьара го лекха гӀишло йарца коьрта пайда оьцурш хила тарло", - аьлла хета Шумановна.

Стенна оьшу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна и бIов бохучу хаттарна жоп луш, эксперто билгалдаьккхира: и гIишло имидж кхуллуш йеш йолчух тера ду, тамаш бу-кх цунах йуьззина коммерцин функци кхочушъйеш комплекс хилахь.

"Кадыров а, цуьнан чоьхьара го а кест-кеста Дубайхь хуьлу, цигахь го царна шайн долахойн йа пайдаэцархойн статус чӀагӀъйеш йолу йаккхий архитектуран объекташ. Нохчийчоьнан, кхеташ ма-хиллара, дозалла дан йиш йац ишттачух. Кхузахь коьртаниг йеккъа цхьа гӀишло хилла ца Ӏаш, иза дIайузар а бу: арендаторш къастош, офисаш, самукъадаккхаран меттигаш, йоллу комплексе болх бойтуш тIехьожу, урхалла ден компанеш оьшу. И тайпа зеделларг дац Нохчийчоьнан Ӏедалехь", - бохуш кхин дӀа а дийцира Шумановс.

Цо бахарехь, и тайпа "супер-мега гӀишло" кхолларехь а, цуьнан доладарехь а зеделларг цахилар меттахӀотторхьама, республикин куьйгалхой баккъал а лаам болуш бу гонахара а, арахьара а инвестицеш тIеийзон. Амма коьрта бенефициар, ур-атталла гӀишлошъйарна федералан ахча хьажочу хенахь а, хӀинца а цхьаъ ву – Нохчийчоьнан куьйгалхо.

"Суна хетарехь, цхьаболу арахьара партнераш, принципехь, кийча хила тарло цигахь офисаш дӀахӀиттон – къаьсттина, нагахь санна, вай дуьйцург исламан банкинган йа Гергарчу Малхбалерчу проектех лаьцна делахь, уьш хӀинцале а цхьацца дехкаршна кӀел йу. Оцу маьӀнехь ладоьгIча, тарло йукъахь болхбан реза волуш цхьаъ вала а. Формалехь "Ахмат Тауэр" долара бахам бу аьлла, дIайазйина йу –Кадыров Рамзанан формалехь цуьнца гIуллакх ца хилийта", - дерзийра Шуманов Ильяс.

• Нохчийчоьнан куьйгалхочун шича волчу Эдильгириев Шахруддин долахь Дубайхь йиъ вилла йу, йерриг а 20 миллион сов доллар мах болуш, аьлла, къастийра Ӏарбойн Эмиратийн уггаре а йоккхачу гӀалахь нехан хӀусамех лаьцна хаамаш дӀасабаржорца "Важные истории" цӀе йолчу интернет-зорбано.

• Нохчийчохь дуккха а миллионаш долларшкахь мах болу заказаш цхьана фирмаша кхочушйо даим а, церан долахой цхьанна а бевзаш ца хуьлу. Тхан сайто дийцира, муха йоьзна хила тарло и компанеш республикан куьйгалхошца а, хӀунда ду и хьал йеккъа цхьана Нохчийчоьнна шатайпа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG